Зийнин боргIал «Майра кIант»

Ша майраниг елахь, н1аьна жима йолушехь къаьсташ хуьлу, – олуш ду нохчийн. Мох хьаькхича мохана корта хьалха дуьхьала йоьрзура ю майраниг, ледарниг-м букъ берзош д1ах1утту.

Зийна бохуш йолчу тхан ненан тевне дехкинцу х1оъех шадерш а бохург санна к1орнеш дохуш беркате нийсделира. Цхьатерра можачу ахьаран мижаргаш санна долчу к1орнеша зезагаша санна мажйинера уьйт1ара сийна буц. Ц1ен котам ша-шех дозала дарна ч1ог1а юсаелла шорбинчу т1омана х1ора мас ша-шаха яьккхина лаьттаха хьокхуш шен к1орнеш т1аьхьа даьхна, ша хьалха яьлла шуьйра уьйт1е ма-ю йолалора котам. «Къуд-къуд-къуда!» – олуш шена т1аьхьа кхойкхура коматамо шен можа к1орнеш. Ч1ог1а самукъадолий т1аьхьахьовдура к1орнеш, нене ладуг1уш, муьт1ахь дара жима к1орнеш. Амма цхьа к1орни дара массарех къаьсташ, массарел онда дара и. Массо а к1орнеш, нанас кхайкхича, д1ахьовдуш, х1ара шен цхьацца г1уллакхаш деш хуьлура: я чуьркана т1аьхьа уьдуш, я т1ема долучу хьозане хьожуш, шен х1ун хуьлу хьожуш, жима т1емаш д1а-схьа а дохийтий стигала ирх долу кеп х1оттош. Буьйсана котамо шен довхачу т1ема к1ела духкура к1орнеш, хаза йовхо елла ца 1аш мостаг1чух куьйранах а лардора к1орнеш котамо. Амма цхьаъ ондо долу к1орни бовхачу т1ема к1елахь ца 1аш, котаман букът1е а долий цигахь д1адуьжура, кест-кеста самадолий г1арол санна гонаха а хьожуш. Ма сиха д1айоьду-кх котамийн дахаран хан, ма сиха йоьду-кх хан. Цхьа шо д1адаьлча можа котаман к1орни ц1ен басахь н1аьна к1орни а хилла ц1ен басахь т1емлойн г1аг1 санна кечделла д1ах1оьттира. Коьрта т1ехь йоккхачу борг1алан санна яцахь а, ирбинчу херхан ц1ергаш санна ц1ен бос а лепаш т1илдаг яра. Куьцехь буткъачу когашна т1ехь буьрса ира м1араш а яра, хьажар а дара т1емлочуьна санна буьрса. Масех н1аьнак1орнешна юккъехь а къаьсташ яра ц1ен к1орни, хийла кхин йолчу н1аьнак1орнешца къовсуш, уьш эша еш, шен доьнал а, майралла а гойтуш кертахь да хилла д1ах1оьттира ц1ен н1аьна кестта. Цхьа къена ц1ен-1аьржа борг1ал яра Зийнин кертахь кхин а, амма цо ша а реза хуьлуш ц1ен н1аьнин к1орнина схьаделира ков-кертахь долу 1уьналла. Дуьнена 1аламехь даима а хуьлуш ма-хиллара: къанало шен меттиг д1ало къоналан кара. Х1окху кертарчу котамашна доладеш йолу борг1ал къена юй хууш йолчу луларчу Малижа ц1е йолчу йоккхачу зудчунна кертара г1еметта х1оьттина йолу 1аьржа бос лепаш йолу цхьа борг1ал йог1ура кхуза, б1аьлланган серах юьйцинчу кертана, т1емаш тухуш, т1е а йолий, т1аккха чу а кхоссалой. Къена борг1ал тергал а ца еш йог1ий котамашца захло дуьйуш шен самукъа а доккхий, юьйцинчу керта буьхье а йолий «1у11аре-1у-у-у!» олий кхойкхура, аьрзонан санна шуьйра т1емаш а ластадой, уьш т1араш тухуш санна вовшаха а тухий шайн аг1ора чу а кхоссалой д1айоьдура и.

Амма цхьана хазчу б1аьстенан дийнахь, даима а санна юьйцанчу кертах сехьа елира 1аьржа борг1ал. Къена борг1ал ца тергалъеш уьйт1ахула х1инцца хьалаг1оьртинчу бацалахула го боккхуш йолаелира и, амма цхьаъ шега хьожуш хетаделла лерина хьаьжира и гонаха. Ц1ен жима н1аьна яра кхайкхаза веъначу хьеше хьожуш. 1аьржачу борг1ало-м къеначу борг1алан ша дина сий а ца дира х1окхуьнан. Дика ойла йина ца хиллера 1аьржачо. Лаьттаха хьаькхина шен коган м1араш а ирйина чухецаелира ц1ениг 1аьржачунна. 1аьржаниг-м х1инца а яцара х1окхо лелочух ешаш. Амма кестта шена «ткъа-ла-а-п!» аьлла еъна ц1ениг т1екхетча, з1окан а, когийн м1арийн а иралла а, ницкъа а шен 1аьржачу ц1окана т1ехь хаабелча «хьажахь оцу мер1уьрге!» – аьлча санна цец деъна йисира и. Кхин цкъа а, кхин а шена т1еетталучу з1око, еттачу м1араша б1арзйинчу 1аьржачо цкъан дуьхьало ян хилла дагадар а дицдира, цо хьалхара уьдуш го баьккхира, дуьхьала ерза аьтто лоьхуш. Кестта кхеташ дара, и едачий бен к1елхьара ериг ца хилар. И едира, едира гонаш туьйсуш, амма т1еетташ йолу з1ок ца соцура. И йоккха керт гатъеллера 1аьржачунна, дехьа эккха керт лохуш яра и, амма и керт карийча а цунна т1е хьалакхоссаяла кхуьуш яцара и. Х1инца-м кхераялар бен х1ума дацара 1аьржачуьнан горгачу б1аьргашна чохь. Оцу кхераяларо аьтто а баьккхира цуьнан. Шен ма-доггаха едира и ц1аьххьана х1иллане ядар а хуьйцуш, т1емаш даржош, ластош шена г1о а деш. Кертаха дехьаиккхина 1аьржа н1аьна ша шена го боккхуш майра т1ам хьокхуш йолаелира, цунна хаара: шен кертахь ша да юй. Амма дукха ца лаьттира 1аьржаниг шен кертахь а да, х1унда аьлча юьйцинчу кертах сиха сехьаиккхира ц1ен къона н1аьна. Шен шадолчу дахарехь а х1окху кертахь ша 1ийча санна майра т1елетира и мостаг1чунна. 1аьржаниг цкъа дуьхьало ян юьйлира, амма и йоца майралла кхин гена ца елира. Д1аедира и хьалхара шен де ма-дду, т1аьхьара ца йолура ц1ениг. Дукха к1адъелла т1емаш дазделлера 1аьржачуьнан, уьш-м цо х1инца майралла гайта г1ерташ текхош дацара, хьалха санна. Кертахула го тийсина кхин эккха меттиг а ца хилла, уьйча иккхира 1аьржаниг «къа-къа-къа-а!» аьлла котамо санна г1овг1а а йоккхуш. И г1овг1а хезина, не1 йоьллуш араелира лулахо Малижа. Цец а яьлла йисира зуда ц1аьххьана и сурт шена гича, амма кестта кхийтира хуьлуш долчух, оьг1азало хьажюккъе шед х1оттийра. Х1инца зудчуна дуьхьала ша йисира ц1ениг. Зуда-м чу хецаелира ирх дахийтина оьг1азалонийн ши куьйг а долуш, ши буй. 1аьржаниг зудчунна т1ехьа д1алечкъира, к1адъяларан сих-сиха са а доь1уш. Амма гуттар а цецяьлла йисира и, юханехьа едда йог1уш х1усамнана гича, т1аьхьаедда йог1уш ц1ениг а йолуш. «Вай-й, нана!» – олуш ц1ог1а а хьокхуш хьалхахь масех т1ег1а кибирчигех боьттина лами болчу уьйча хьала а иккхина к1елхьара елира зуда. Кхераелла зудий, цул а ч1ог1а кхераелла 1аьржаниг 1адийча санна соцунг1а а хилла лаьтара ший а, ц1ениг уьйча хьала йолий хьоьжуш. Ц1ениг-м т1е хьаьжича буьрса елахь а, оьг1аза яхана елахь а, оьзда хиллера. Х1усамнанас нуй, горгам а хьаькхина ц1анйина баьццара басар хьаькхина аннийн уьйчанан ц1енкъа бехъян ца лиъира ц1ечу н1аьнийна. Ламина хьалхахь сецира и, д1аяхан сиха яцахь а. Дикка лаьттира х1орш иштта. Уьйчохь хаза кечдинчу аннех йинчу г1опастана т1ехьа зудий, цуьнан 1аржа борг1аллий, ламина хьалхахь лахахь г1арол салти санна д1а схьа йолаелла лелаш йолу ц1ениг а. Жимма хан яьлча даима а шадериг а хаан лууш йолу котамаш улло г1оьртира цкъа цхьаъ йог1уш, т1аккха важа йог1уш.

Следующая страница