IАНДАРКЪА (забаре дийцар)

Оцу лекхачу Башламан т1ера охьанехьа лахлуш дог1у лаьмнаш, раьг1наш, хьаннаш кхачалучу Нохчийн аренга кхевддачу меттехь 1уьллуш яра жима ламаройн юрт. Генарчу лаьмнашна т1ера сиха охьахьаьдда дог1учу меттигера хишка хьаьжича, дикка доккха ларалуш хи а дара оцу юртан йисттехула охьахьаьдда доьдуш, лахахь цхьана дикане сатуйсуш санна сихделла. Оцу юьртаца цхьа аг1о хоттаела-йаланзий лахенгахь хица охьанехьа к1отар яра. Кхечу ярташкахь 1аш берш хьега ца бан оцу юьртан ц1е юьйцура яц вай. Амма к1отаран ц1е яьккхича цуьнан бахархошца кийчча дов-м дара. Къайлаха аса йовзийту шуна оцу к1отарна кхоьллина самукъне «хутор Веселый» аьлла ц1е яккхан мегаш дара и к1отархой уллохь болуш а. Г1езийн к1отар алар-м, оцу хин йисттехь 1уьллучу к1отарарчу нехан алссама, г1езий олуш долу маьхьарен з1аькардаьхни хилар хила а мегара. Делахь а, оцу к1отархошна хезаш яккхан йиш яцар-кха нохчийн к1отаран ц1енна нохчийн ц1е, шайна киййчча дов ца дезахь. Мелла а генуо, тилла ца валийта, оцу хинйистешца охьавахача, базар х1оттал йоккхачу юьрта а кхочура. Ярташ-м оцу хинца охьашершича, «Мусин г1ожмаш» санна ю, делахь вайн оцу ярташца кхин бала а бац. Цхьана б1аьстан довхуочу базаран дийнахь оцу з1аькардаьхнин ц1е йолчу к1отаран лакхахь 1уьллучу юьртара 1андаркъа ц1е йолу цхьа ламро вара лахенга охьаг1ерташ. Вуткъа веха ламанхочун беха чо болу кхекхан куй г1ажна буьххье кхоьссича санна хетара. Охьаохкаделлачу куйнт1ера детта чоьшна юккхера схьагуш мелла а т1едаьлла мердукъ а, хьалахьаьвзина луьста 1аьржа ши мекх бен дацара. Хан теккхина хиларна, бос дикка ца къаьсташ г1овтал а яра лохара т1емаш, х1ара техь 1аш волчу к1айн басахь виран, букът1ехула дехьий, сехьий охкаделла. К1айн вир зоьртала делахь а, цуьнан букът1ехь г1овталан т1емаш к1елахь охкаделла таьлсаш а дацахьара, таьлсаш т1ехула т1екхоьссина цхьана хенахь силга хилла стомма аьхна нуьйран бахьана а дацахьара, ламарочуьнга когаш-м лаьттахь текхаш хира бара, дукха беха болуш. Амма уггаре а боккха бахам г1еметта х1оьттинчу ламарочуьна, оцу хенахь дошлоша лелош хилла, йоца пхоьаза йолу топ яра, гихь кхозуш. Малх-м дика айбеллера базара воьдучу 1андаркъин. Говрахь а дикка гена некъ бара базар х1уттучу юьрта, ткъа вирахь-м и вир к1айн басахь делахь а, генуо яр-кх. Виран болар, амалаш евзаш верг сох дика кхетара ву. Ламарочуьнан вир а дацара шен к1айн басах бен кхин къаьсташ кхечарах. Мел ч1ог1а шена шед, еттарх, шен деха к1айн лерг д1аухьура долуш. Болар хуьйцура долуш дацара х1ара вир а. Вирана дегбаам ца хилийта алан деза, цхьана меттехь хуьйцура цо шен болар – ц1ехьабоьдучу новкъахь. Кхин йолчу меттехь вира дехарш дарах, пайда бацара. Ша 1андаркъа а вацара кхин вирал башха сиха а. Базарахь кхин йохка-эцарца бала болуш а вацара х1ара. Дуьххьал д1а базаран юккъехь волалуш ч1ог1а самукъадолуш вар-кх къонах. Базаран де х1ора дийнахь хилча а, к1ордора дацара цунна дийнахь сарралц цу юккъехь лелан. Цуьна юьртахоша-м дикка шай-кай йоккхура, массийта гали хьонка а бохьуш д1абохка. Ткъа х1ара-м вацара ур-аттала п1елг п1елгах д1атоьхна х1ума дийра долуш. Шех терраниг х1усамнана а нисъеллера х1окхунна, кхин «х1ара де вай, иза де вай!» бохуш майрачунна ша к1орда ца йойтуш.

Ц1ог1не з1аькардаьхнийн ц1е йолу юьрта а кхечира ламро цхьана хеннахь, малх цецбоккхуш. К1отарахь-м вацара хаалуш дийна дег1 а, шаберш а базара баханехь а, йа х1ара к1айн вирахь вог1ург гина д1алевч1инехь а. Лакхара юрт а, к1отар а хинна аьру аг1ора хинйисттехь 1уьллуш яра, ткъа базар хуьлу юрт хинна аьтто аг1ора 1уьллура. Цундела ламаро ша к1отарна т1ехваьлла мелла а гена ваьлча, берд лахлучу меттехь хих сехьавалан меттиг йоллучу кхечира. Вир-м ч1ог1а реза дацара оцу балхна. Нийсса некъахула-м г1ийлла шен ког боккхуш схьаг1ертара и, амма хина чухула далар ца дезара дехалергаш долчунна. Масийттаза г1оьртира к1айн виран да шен ма доггах архаш озош вир хи долчу дерзон, амма цунах г1уллакх ца хилира. Вир т1ера воссан дийзира вехачу 1андаркъин. Делахь а, х1ун хала воссан дезара цуьнан, иштта а вара иза г1аш вог1уш санна, когаш х1ора г1орзолах а тийсалуш вог1уш. Мухха делахь а, виран т1ера воьссина юьхь лацан дийзира хих волуш волучунна. Когара мужгийн эткаш а яьхна, хечийн когаш а леккха хьалакарчон дийзира хих волуш. Делахь а хеча дикка лекха яшонза-м ца висира и. Гуонаха хьаьжича гуш дийна дег1 а дацара, ткъа т1еда хеча настаршна т1елеташ бала хьоьгура къонахчо. И бахьанехь гуонаха д1аса а хьаьжина сихха яьккхира 1андаркъас шен шуьйра шарбал олу хеча. Шен виран к1айн букъна т1ейоьттинчу 1алг1ожна т1ехула яржош ластийна кхоьссира цо шен т1еда хеча. Цу т1еластаяле хьалха иза-м 1аьвдинехь а дацара х1умма а. Ткъа хечех охьа1ийдало т1адамаш-м кегийра татолаш санна охьахьаьддера таьлсашна, силгах йинчу нуьйрана а, цигара а охьадахча виран к1айн дег1ан аг1онца чоьшна юккъехь къевладолура. Шайна т1ехь хьекъна чо лаьцна йолу к1айн настарш г1овталан т1емашна юккъеша виран босца къийсайолийтуш, берзина кога юьйхина т1е газана мохь хаькхина базарденна къагийна муьжгийн эткийн, 1аьржа бос шен настаршца, виран аг1онца а къийса йолийтуш шен виран боларца улло х1оьттина, хин тог1ин чухула охьанехьа г1ертара 1андаркъа. Тог1ина аьтту аг1ора жимма лекхуо айделла бердаш дара, оцу бердат1ехула охьа боьдура базаран юьрта ворданаш лелан некъ. Бердашна юккъехь цхьана меттехь хьала болуш некъ а болуш, бердаш хи дистина деъча чухаьрцина меттиг бара. Оцу метте шен вир дерзийна тог1ийна чуьра хьалавалан дагахь вара 1андаркъа. Дехьа, сехьа можа лаьттан бердаш а долуш чухирцина дикка беха бара бердах болу некъ. Эххар а бердах хьала велира т1ехь хеча йоцу къонах, Санчо Пансин виран Дон Кихот санна, шен к1айн вирана улло а х1оьттина, хьала-м велира къонах, амма ца ваьллехь а кхин х1ума а-м дацара.

Следующая страница