Дехалергаш (туьйра)



Цхьана хазчу б1аьстенан дийнахь, юькъачу хьуьнхахь цхьана сирачу нана-пхьагала пхиъ дехалергаш долу к1орни йира. Нанас, шен т1ера тилла схьадаьллачу вуно к1едачу пух1ах бинчу бовхачу бенчохь 1оьхкура кегийра пхьагалан к1орнеш. Цара-м х1инца а схьа ца биллинера шайн кегийн, горгийн б1аьргаш. Хууш ду, х1инцца дуьненчуевллачу пхьагалан к1орнеша шайн б1аьргаш масех к1иранах а схьабоьллуш ца хилар. Уьш дийнахь сарралц, буса сахиллалц шайн бовхачу бенчохь набъеш 1охкура, кегийрачу мерийн мер1уьргашкахула сих-сиха са а доь1уш. Амма оцу кегийрачу пхьагалан к1орнешна юккъехь цхьа яра массарех а къаьсташ: цо-м массарел а хьалха б1аьргаш а биллира схьа, шен вежарийн, йижарийнчул а, схьахетарехь, лергаш а дара цуьнан мелла а даккхийн а, деха а. Цундела дарий а ца хаьа, нанас ц1е а тиллира цунна Дехалергаш аьлла. Б1аьргаш схьабеллар-м ша ду, цуннам сиха дагадуьйг1ира кхаьрсташ йолаяла, ткъа цул т1аьхьа лиира д1аса йодуш шен дег1 меттахдаккха а. Нанас безамца хаза кечбинчу бенчохь-м йовха а яра, дика а яра, амма цхьа х1ума дар-кх Дехалергашна ца товш х1окху бен чохь. Лергаш а та1ош д1аса йодуш, шен самукъадаккха аьтто бацар-кх кху чохь кхуьна – меттиг дукха готта яра. Цундела, шен нана хьуьнаюккъера ирзу т1е сийна буц кхалла а яхийтина, бенчуьра парг1атоне таттаелла араелира Дехалергаш. Цунна мел ч1ог1а д1асаяда лаахь а, цуьнан когаш-м х1инца а чохь ницкъа к1езига болуш бара. Цундела, мохо лестош санна, техка а техкаш, шайн бенна хьалхахула йолаелира жима пхьагалан к1орни. Жим-жима болар а тодалан дуьйлира, когашкахь ницкъа а гучубала тохабелира. Д1асаядаран кеп х1оттийра Дехалергаша. И-м х1инца кийчаяра х1ара ерриг а йоккха хь1на талла. «Х1ун ду техьа оцу д1огарчу гунна т1ехьа, ткъа оцу доккхачу диттана дехьа?» – ойланаш хьаьдира Дехалергашан жимчу коьрта. Амма, стенна делахь а, х1окхуьнан нана тахана хьалхехьа ц1ехьайирзира. Ненан семачу даго хьехначух тера дара, шен жимчу к1орнина коьртана т1ехула кхерам хьаьвзина хилар. Цец а яьлла йисира нана, ц1еххьана шен к1орни а гина. Ткъа важа-м яра шен доцачу ц1оганах байракх а йина, деха лергаш букъабохала дижийна, д1айодуш, схьайодуш ша-шеца ловзуш йоллуш.

Оьг1азяхара нана-пхьагал, цо дов дира к1орнина, дийхира:

– Дехалергаш, сан к1орни, хьо х1инца а жима ю! Хьуна хаа деза, х1окху хьуьнхахь хьо санна жимчу к1орнешна шаьш цхьа лелар ч1ог1а кхераме ду! Ахьа дош дала деза суна, кхин, соьга хатта а ца хоттуш, вайн бенчуьра хьо араера яц аьлла!

Нана-пхьагал ч1ог1а саготта яра, шен к1орнина цхьаъ хиларна кхоьруш. Амма дагчохь шен майрачу жимчу к1антах Дехалергашах дозалла ца деш 1ен а хала дара цунна. Т1аккха а ненан лазамен дагчу кхин ойла а хьийзара: «Т1аккхахула, х1окхо бохучуьнга ла а ца дуг1уш, х1окхуьнан к1антана Дехалергашна хьуьнаюккъехула волавала дагадаг1ахь? Оцу хенахь х1ара цунна т1е а ца кхачахь? Ткъа цунна т1е цхьа кхерамен акхаро 1отталахь, т1аккха х1ун дан деза ас!» Пхьагалийн-м к1езга ма бац иштта кхерамен мостаг1ий. Жима пхьагалан к1орни-м буьрсачу барзан цергашна т1е1оттаялан, я х1илла долчу цхьогалан м1арашна буханисъялан кхерамболуш ю.

Ткъа Дехалергашам нанна атта а луш делира дош:

Конец ознакомительного фрагмента.

Понравилась книга? Поддержите автора, купив полную версию!

Купить полную версию